День чеченского языка

25.04.2018

Мероприятие, посвященное Дню чеченского языка

25 - гlа апрель - Нохчийн меттан де!

 25-г1а апрель,  вайна ма-хаъара, нохчийн меттан деза де лерина ду. Иза оха даггара даздина «Берийн бешахь №1 «Улыбка». Таханалера  тхан цхьанакхетар а нохчийн маттан лерина ду. Кхузахь оха юха а довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а хилар. Иштта довзуьйтур ду, вешан мотт вайна безар, даима цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а.

   Дика кечам бина хьехархоша группера берашца. Йийцира нохчийн поэтин Абузар Айдамировн, Мохьмад Мамакаевн, Ахьмад Сулеймановн, Абу Уциевн стихаш, лекхира иллеш, довзийтина нохчийн г1иллакхаш. Вайн декхар ду бовзар а, 1амор а нохчийн мотт. Нохчийн хелхаршца ерзийра мероприятеш. Берийн ч1ог1а самукъаделира, гайтира шайна безар а, бовзар а ненан мотт.